ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женевехь шен заррат программехула барт чIагIбан дуьхьал хилла ГIажарийчоь


Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIахьедар дина, шоьтан дийнахь ТехIранна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан пхеа гуттар йолчу декъашхочунна а, Германина а юкъахь Женевехь дагадовларш дIахьучу хенахь, шен заррат программехула барт чIагIбан ГIажарийчоь дуьхьал хилла, аьлла.

Даханчу кIиран дийнахь хаамийн гIирсашкахь дийца долийнера, Франци дуьхьал ялар бахьанаа долуш чIагI ца белла барт, бохуш. Абу-Дабехь журналисташца къамел деш Керрис элира, «французхоша гIортор йира, оха а гIортор йира». Амма, "билггал карарчу хенахь ГIажарийчоь кийча ца хилира барт къобалбан", аьлла тIетуьйхира Керрис. Цо ша догйовха ву элира, гергарчу беттанашкахь массо а реза вийр волу барт кечбийриг хиларна.

Ялханнен декъашхой а, ГIажарийчоьнан векалш а Лахьана беттан 20-чехь кхин цкъа а цхьанакхета безаш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG