ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин Лакхарчу Радин рогIехь йоцу кхеташо хенал а хьалха дIайирзира Киевехь



Цигахь йийца езаш яра, прокуратурех а, Лакхарчу Раде харжамех а, чубоьхкинчу нахана махкал арахьа дарба дарах а лаьцначу низамийн проекташ.

И тIаьххьарниг тIеэцнехь, 7 шо набахтехь токхуш йолу, Украинин премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия махкал арахьа дарба дан яхийта йиш хира яра. Цунна тIехь лаьтта, цуьнан гIуллакх политикан бух тIехь кхоьллина хеташ болу «Батькивщина» оппозицин цхьанакхетаран агIончий а, адамийн бакъонаш ларъярхой а, Европан барт а.

Украинин парламентан спикеро Рыбак Владимира ма-аллара, цхьана цхьа хаттар дийца а, къастон а кечдина дацара, цундела кхеташо дIакъовла дийзира цуьнан. Низамийн проекташ юхахьовсийна, кхин дIа а царна тIехь болх байта.
Лахьанан-беттан 13-гIа де Европан Парламентан тIехьовсархойн миссино билгал даьккхина дара, Украинин Европан Бартаца ассоциацин барт чIагIбаран тIаьххьара де санна.

Цундела Раде баханера миссин декъашхой Квасьневский Александр а, Кокс Пэт а. Цара Европан парламенте кховдор ду, Украина барт чIагIбан кийча хиларх лаьцна документ.

Лахьанан-беттан 18-чу дийнахь документ толлур ду Европан бертан Кхеташоно, тIаьххьара сацам, Лахьанан-беттан 28-гIа, 29-гIа а деношкахь хир йолчу Вильнюсера Европан бертан саммитехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG