ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовшашна реза ву Путин а, РохIани а



ГIажарийчоьнан президентца РохIани Хьасанца бакъйолу шанс ю ГIажарийчоьнан зарратан программана гонаха дехха лела дов дерзон, аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

Кремло хаам барехь, Путинан а, РохIанин а къамел хилла телефонехула ГIажирийчоьнан зарратан программа йийца зарратан герзаш долчу 6 пачхьалкхан а, ГIажарийчоьнан а лидерш Женевехь гулбала ши де дуьсуш.

Кремлан векалша бахарехь, РохIанис лаккхара мах хадийна Оьрсийчоьно шен зарратан программин хьокъехь леладечу юкъарлонан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG