ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанера а, Дагестанера а йийна ши зуда карийна Москох


Ши зуда йийна КIирандийнахь Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь Москох. Цуьнах лаьцна хаам бина Интерфакс агенталло. Иштта Котловка олучу хичохь йийна карийна Казахстанера 32 шо долу жима зуда. Ткъа кхин а масийтта сахьт даьлча Брусиловн урамехь долчу цIа чохь 6-чу тIегIан тIехь, ламеш тIехь Iуьллуш карийна 27-шо долу Дагестанера схьаяьлла йолу жима зуда. Цуьнан дIадаьхна хилла когаш а, куьйгаш а. И зударийн байарна бехк-талламан гIуллакхаш схьадиллина прокуратуро бохуш, хаам бо Интерфаксо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG