ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойчохь хан кхайкхийна президент хиллачу Бакиевн вешина


ГIиргIизойчоьнан суьдо велла дIаваллалц набахти чуволла кхел йина цу мехкан президент хиллачу Бакиевн жимах волчу вешина Бакиев Жаныбекана. Иза бехке вина талораш лелорна а, 2010-чу шарахь Марсхьокху-баттахь оппозицин агIончаш дIасалохкуш 100 гергга стаг вийна герзаца йолу тобанаш кхолларна а.

Цуьнах лаьцна РИА Новости агенталле хаам бина ГIиргIизойчоьнан инарлин прокуратуран векло. 2005-чу шарахь тюльпанийн революци ялар бахьана долуш Iедале веана волу ГIиргIизойчоьнан экс-президент Бакиев Курманбек даржах вохийра 2010-чу шарахь.

Иза а бехке вина Iедалшна дуьхьал йолу акцийн декъашхой байарна. Вежарий БакиевгIара лоьвчкъина бу Минскехь. Беларусин Iедалш реза ца хилира уьш ГIиргIизойчоьнна дIабала, Бишкеко доьхург политикан бух болуш ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG