ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров Сергей реза вац, Украинехь ницкъ бар Европано емалдарна


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс кхайкхам бина арахьарчу нахе, Украинин политикан кризисана юкъа ма гIерта, аьлла. Кхаарин дийнахь, Брюсселехь вовшахтоьхначу НАТОн министрийн кхеташо чекх яьллачул тIаьхьа вистхуьлуш цо дIахьедар дира, ша ца кхета, демонстранташна доьхьал тIех дукха ницкъ баккхарна НАТОно Украинин Iедалшна бехк билларх.

Киевехь а, кхечу Украинера гIаланашкахь яккхий доьхьалонан акцеш хилла, президента Янукович Виктора Европан бертаца уллера гергарло тасаран хьокъехь болчу берта кIел куьг ца таIорна реза ца хилар гайта. Цу тайпа бертана дуьхьал ю Оьрсийчоь.

Кхаарин дийнахь Москох оьрсийн премьер-министрца Медведев Дмитрийца цхьаьнакхийтира украинин премьер-министр Бойко Юрий. Экономикера цхьанаболх бийца бахана ву Бойко Москох, цу декъехь ю, Оьрсийчоьно Украинина юхку газ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG