ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудабераш лечкъоран масех бахьана ду


Нохчийчоь - жима йоI тIама тIехь
Нохчийчоь - жима йоI тIама тIехь

Iедалша маьрша ю бохуш дIакхайкхош зама а йолуш, хIора баттахь цхьацца, шишша зудабер лачкъадо Нохчийчохь. Шаврахь цхьаъ лачкъийча а боккха бохам хила безачу республикехь оцу зудаберийн лорах цхьа а, цкъа а ца кхуьу.

ХIокху хаттарехь дакъа Маршо радион ладогIархой массо а цецбаьхнарг цхьа хIума дара. Нехан тIеюху бедаршна тIекхаччалц бала кхочучу Нохчийчура Iедалийн тIепаза довчу зудаберашца бала ца кхачар. И бала кхочуш белахь а, юкъараллина цу хьокъехь хууш хIумма а дац.

Нохчийн зудабераш хIунда лечкъадо бохучунна хаттарна масех агIо йийцира цара – уьш эвхьаза лела лечкъош хиларна тIера, меженаш йохка Iалашонна тIе кхаччалц. Амма, Москохана муьтIахь долчу Iедална лууш доцург, кхин цхьа хIума а дийцаре даккха маьрша йоцчу Нохчийчохь хала ду, бакъдерг билгалдаккха.

Соьлж-кIоштара Iелас бахарехь, буьзначу, Iедалера наха а лечкъадо зудабераш, шайна кIордийча дIакхийса.

Линкана тIе

Европера Тумишина хетарехь, Нохчийчохь довш долу зудабераш, я хьал долчу нехан я Iедалехь ницкъ болчу нехан а дац. Вала да воцчу доьзалшкара ду.

Линкана тIе

Ехха хан ю Лайлаъ Европехь еха. Делахь а, цIахь долчу хьолана тIаьхьакхуьуш а, цунах дог лозуш а ю иза. Иза цец юьйлу, хIора маьIIехь лаьтташ полисхой болуш, гуш-лаьтташехь, зудабераш лечкъорах.

Линкана тIе

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG