ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РИА Новости дIакъевлина Путина



Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омранца дIакъевлина РИА-Новости олуш хилла хаамийн агенталла. Цуьнан метта кхуллуш ю «Оьрсийчоь Тахана» цIе лелор йолу дуьненаюкъара агенталла. Дозанал арахь Оьрсийчоьнан политика а, дахар а довзуьйтуш хир ю иза.

РИА-Новостица цхьана дIакъовлуш ю Оьрсийчоьнан Аз цIе йолу радио а. Иттаннаш шерашкахь яьхначу медиакорпорацин бахам керлачу агенталле дIалуш буьйр а дина Путина.

Керлачу агенталлан коьрте хIоттийна вевзаш волу журналист Киселев Дмитрий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG