КIира дара Iедалан ницкъаша Хьалха-Мартанан кIоштахь, Шалажана гонахарчу хьаннашкахь, шайна дуьхьал ехкинчу минанаш тIехь иккхина цхьа полисхо валарца, шолгIаниг лазорца доьзна тIемалой лоьху. Лехамаш хIинца берзийна шаьш, аьлла хаам бина тIеман структураша. Ткъа жамIаш дац – ца карийна гIаттамхой. И тайпа лехамаш дела денна беш бу полицино а, кхечу къепе ларъечу а дакъоша а, чIагIдо Нохчийчуьрчу Iедало.