ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Серлонца къуьйсу Бодано



Бижаза бу Соьлж-ГIалахь Юкъарчу библиотеканий, гIалин синкхачан департаментний юкъабоьлла къовсам. Шаьш чохь долу гIишло мукъа а яккхий, Къоман библиотекан хIусаме, шайн жайнийн фондца цхьаьна, дехьадовла аьлла библиотекаршка депортаменто.

Ткъа махкахь тIемаш а бовлале дуьйна оцу библиотекин долахь хилла цIа дIатаса ца лаьа белхахошна. Юкъархошна хетарехь, дикачу меттехь лаьттачу библиотекан хIусамна тIехь бIаьрг сеццачух тера ду Iедална герга волчу бизнесхойх цхьаьнан.

Къоман библиотеке шаьш дехьадаьхча, шаьш долчу лелачу нехан барам лекъар бу, аьлла хета дукха зама хьалха дуьйна гIалин библиотекехь куьйгалла дечу Исраилова Сацитина. (Ала дашна, Сталинан режимца тIемаш бинчу нохчийн гIаттамхойн баьччин Исраилов Хьасанан кIентан йоI ю иза).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG