ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти тIеэцарна гергабахана Оьрсийчура Думан депутаташ


Цхьа а депутат дуьхьал а воцуш Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо хьалхарчу ешарехь тIеэцна Оьрсийчоьнан Конституцин 20 кхачарца йоьзна кечйинчу амнистин проект. ШолгIа и проект ешар хир ду Кхаарин дийнахь. ТIаккха кхаж тосур бу депутаташ. Шинарин де тIекхаччалц аьтто бара Думан декъашхой цу тIехь хийцамаш бан.

Амнисти тIеоьцуш депутаташ кечйина йолу кхин а 9 проект дIатеттира Думан декъашхоша. Цара хIинца тIеоьцуш йолу проект кечйина ю Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цу документаца а догIуш, амнисти хьакхалур ю адамашна ницкъ бина боцучу жима а, юккъерчу барамехь а зуламаш динчу нахах.

Иштта цунна юкъабогIур бу кхиазхой а, заьIапхой а, къаной а, доьзалх болу зударий а, жима бераш долу зударий а. Пачхьалкхан Думо тIеоьцучу амнистина юкъабаха мегаш бу, масала, Болтоная олучу гIуллакхехула чубоьхкина болу нах а, «Арктик Санрайз» Гринписан хIордакеман экипаж а, ткъа иштта Pussy Riot панк-тобан декъашхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG