ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан йоккха зорбанан конференци хилла Москох


Путинан зорбанан конференцехь журналисташ хаьттина цуьнга рогIера хир волу мехкан куьйгалхочуьнах лаьцна. И хаттар Путин Владимира жоп а ца луш дитира, махкахь дуккха а зеделларг долу политикаш бу аьлла. Масал а далийна цо, Зюганов Геннадийн а, Жириновский Владимиран а, Миронов Сергейн а, Медведев Дмитрийн а цIераш а йохуш.

Путина иштта элира тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчохь гучубуьйлуш бу «керла нах», шайна юкъахь оппозицин ойланаш ерш а болуш аьлла. Амма цIераш ца йехира цо. Цо иштта элира цхьаболу керла политикаш, шаьш гайта гIерташ «шайн шарбалш чура а буьйлуш, дов лоьхуш хуьлу» аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG