ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура дIаваха визанаш елла «Арктик Санрайз» хIурдан кеманна тIехь хиллачу 7 жигархочунна


«Гринписерчу» «Арктик Санрайз» хIурдан кеманна тIехь хиллачу 7 жигархочунна визанаш елла, Оьрсийчоьнан доза хадон бакъо луш йолу. И тайпа визанаш йоьхуш дехарш чуделла, Оьрсийчохь лаца а лаьцна, тIаьхьуо амнисти еллачу 30 жигархочух ткъаммо. Оцу ткъе итте стеган хьокъехь долийна бекх-такхаман гIуллакхаш совцийна.

Оццу хенахь, мукъаваьккхинчех цхьаммо, Швецин махкахочо Литвинов Дмитрийс дIахьедар дина, ша низамаш дохош лацарна ша къинтIера мукъа а ваккхийта, къуьйсур ду ша, аьлла. Цу бахьанца кхеле бовла лууш кхин а болчух тера ду.
Оьрсийчура Iедалан Газпром компанино Артик хIурда чуьра маькхадаьтта даккхарна доьхьал акци яхьа гIиртина «Гринписан» жигархой Оьрсийчохь лацар емалдинера дуккха а пачхьалкхашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG