ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герга ду ГIажарийчоьнца барт хила



Оршотдийнахь рогIера кхоалгIа раунд йолийна Женевехь ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре ечу ялх пачхьалкхерчу бертан къамелийн декъашхоша. Заррат лелор тергалдан къастийна барам дIабахьа говзанчаш къастош бу бертахой. Хьалхо ТехIеран реза хилира ша зарратан программаца бечу белхан цхьа дакъа дIасацон. Цунна дуьхьал мукъайоккхур ю ГIажарийчоь дуьнено ша тоьхна лаьттачу экономикан эмбаргонах.

«Мехр» цIе йолчу информацин агенталло ТехIеранера бечу хаамца, гIажаройн агIор бертан къамелашкахь дакъалоцучу Аракхчи Iаббаса дIахьедина, Женевехь хиллачу къамелан жамI болхбан долалур ду бетта чохь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG