ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимир: "ТIетаьIна боьха хIуманаш"



Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилира кхаарий дийнахь тIаьхьий-хьалхий хиллачу шина эккхийтаро 34 стеган дахар дIадаьхьначу Волгоградехь. «ТIетаьIна боьха хIуманаш, муьлхха а бахьанаш цара дийцахь а, бакъо яц церан маьршачу нехан синош даха», элира Путина зуламхойн агIор.

Хьалхарчу деношкахь Хабаровске вахначохь а бохура оьрсийн президента, ша террорхошца уьш байъина кхачабаллалц къийсалур ву. Волгоградехь а, Пятигорскехь а динчу лелхийтарша кхерам боссийна Кавказерчу Сочехь тIебогIучу беттан 7-чу дийнахь Iаьнан Олимпан ловзарш долон дезачу хьаьккамашна а, цига баха кечлуш болчу дуьненан массо а мехкашкарчу спортхошна а тIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG