ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шера чохь 10-за вахана Керри Малхбале



Израилан арахьарчу гIуллакхийн министрца Либерман Авигдорца цхьанакхийтира пIераскандийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон. Иштта ерзийна Керрис шен Малхбалера турне. Шера чохь иттазлагIа вахана вара Iамеркан дипломатин лидер Гергарчу Малхбале. Цуьнан коьрта Iалашо яра израилхой а, палистинахой а бертабалор.

Еарийдийнахь Израилан премьерца Нетаньяху Биньяминца къамел хилира Керри Джонан, пIераскана – Палестинан куьйгалхочуьнца Iаббас Махьмудца. Бертан дийцарш чолхене дохург ду Израилан а, Палестинан а лидерийн вовшех цатешар. Шина а агIоно машарехьа шогга гIулч ца яьккхича ца долу, элира оцу хьокъехь царна юкъа машар боза гIертачу Iамеркахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG