1964-чу шарахь «Со, Робот», «Азаллин Чаккхе» а жайнийн автор Азимов Исхьакъ Нью Йоркехь йолчу Дуьненан ярмарке ваханера.
20-га бIешерийн юьххьехь дуьйна лелон яьхначу тоькаца болх бен чархаш кхолларехь баьхначу кхиамашна лерина яра иза. Азимовна хьалха хаттар хlоьттира: 50 шо дIадаьлча хIун хийцамаш хир бара дуьненахь?
Цунна жамI деш, «Дуьненан 2014-чу шеран Ярмарка» аьлла язъйинчу эссе тIехь Азимовс яздина дуккха а хIуманаш, седа жайна хьаьжча санна, дара. Кхечу хIуманашна юкъахь цуьнга аладеллера дуьненахь 3D кинош а, цIахь болх беш серий доцу чархаш, хьалха хиина стаг воцуш лела машенаш, видео телефонехула къамел деш, видеосурт ган йиш йолу экъанаш хир юйла а, цу экъанашна тIехь книгаш еша а, документашна тIехь болх бан таро хир юйла а.
Кхин долу, цо хир ду аьлла хIуманаш кхочуш ца хилла. 2014-чу шарахь адам, дукха хьолахь, лаьтта бухахь я хи бухахь дехар ду, латта, дуьйш-дерзош лелон мукъадаккха Iалашонца, аьлла яздинера цо. Бошмаш лелош роботаш хир ю, ткъа машенаш, нийсса некъашна тIехула ца лелаш, хIаваэхула лелар ю, боху сурт диллинера Азимов Исхьакъа.
Маршо радионо хаьттира Британера инженер а, футурологист а волчу Пирсон Иане, шена хетачу кепара, кхин а 50 шо даьлча – 2064-чу шарахь хир долчух дийцахьара, аьлла.
Чаккхарма лекхачу хIусамера петарш
Дукха дебаш долу адам дIатардан Iалашонца лаьтта бухахь я хи бухахь хIусамаш ян долалур ду аьлла дийцинера Азимовс. Амма Пирсона бахарехь, алсамдолуш а, гIаланашкахь даха Iемаш а долчу адамаша 50 миллион нах беха гIаланаш а кхуллуш, кхин некъаш лохур ду – лекха гIишлош еш.
Пирсон: «Адам дукха даьржаш хиларна и проблема ерзон Iалашонца, хIинцале некъаш бу лоьхуш вуно лекха гIишлош ян, чаккхармаш лекха а тIаьхьа. Тахана уьш ян йиш яц, хIунда аьлча, кхераме йоцу лекха гIишлош ян андий гIирсаш бац. Амма 2050-2060-чу шерашкахь кIора-тайпа буха тIехь, графен санна долчу сурсаташца хIусамаш йийр ю. Иза чIогIа дораха ду, онда а ду. ТIаккха дуккха а, дуккха а лекха гIишлош ян дуьйладала йиш хир ю вайн.»
Хьекъале телефонаш
2014-чу шарахь гаджеташ хир ю, юург кечъйеш, хIоаш кхорзуш, цIаргахь жижиг доттуш а йолчу роботашна урхалла деш, аьллера Азимовс. Ма-дарра аьлча, гаджеташ, дукха хьолахь, уьйраш латторан гIирсаш бу тахана, кухница кIезиг гIуллакх долуш.
Пирсона бахарехь, маса йоьдучу прогрресо массо а гаджеташ дукха жимъйийр ю.
Пирсон: «Ма-дарра аьлча, карарчу хенахь вайн карахь болу лакхарчу технологин гIирсаш дуккха а жимлур бу лергах юллу чIегар я хьалха буллу маха санна. Муьлхха а вай лелош йолу езачу хIуманна юкъахь хила тарло лакхарчу технологин гIирс. Масала, дисплейн корта хьан бIаьргийн линзашца хила тарло я, я видео-лаба санна хир ю. ПIелгаш меттах дахарца харжалур ю хьайна оьшу функци. Иштта, цхьа а хьашто хир яц хIинцалера, карахь латтон оьшу гаджеташ лелон. Царах дан хIума дац.»
Чолхе, амма башха хьекъале хила ца еза роботаш
«Со, Робот» цIе йолу жайна яздина волчу Азимовна дукха пайдехь хIума гора роботан техникехь. Оццу хенахь, яздархо-фантас уггар хьалхарчарех вара, таронаш шорхйинчу роботашна хьекъал а делла, уьш лело яьхча адаманна а, царна шайна а дала тарлун зе хьахийначарех. Пирсона бахарехь, кханенан робот чIогIа чолхе хир ю.
Азимов чIогIа тешна хилла, 2014-чу шарахь заррат тоькан станцеш эксперименталан тIегIанехь хирг хиларх. Иштта, иза нийса вацара, цо, Аризонера, Израилера, Казахстанера яккхий гIум-аренаш маьлхан энерги яккхийта дIаелла хир бохучу хенахь а.
Амма 2064-чу шарахь и ший а хIума энергин ницкъан коьрта хьасташ хила дезаш ду, лаьтта бухара доккху маьхкадаьтта Iад а дитина.
Пирсон: «2064-чу шарахь кхиаме термо заррат реакторш хила тарло, уьш лелор а, мехе хьаьжча, царах йолу энерги дикка йораха а хир ю. Массара а гуттар сатийсина, гIенах дуьхьала тийсина хIума ду иза. Технологица йоьзна цхьайолу чолхенашкара вай толам ма-баьккхина, маьлхан энергех пайда а эцалур бу вайга. Лаьттара маьхкадаьтта даккхарал а йораха хир ю иза. ХIунда аьлча, дукхах долу, вайн девзаш долу маьхкадаьтта лаьттара даккхар, вуно деза а, чолхе а гIуллакх ду, кхин йолу энерги яккхаран некъашца дуьстича.»
Бехк ма билла, тIема йовлу машенаш хир яц
2014-чу шарахь вовшахтоьхначу Дуьненан ярмаркехь «хIаваэхь лелаш, латтана метр лакхахь кегий роботийн машенаш хир ю, вовшех хьакха ца ялийта, тIе ца кхетийта а хIоттийна автомат йолуш», бохуш яздинера яздархочо-фантаста.
Пирсона доккха садаьккхира, «футуролиста дуьххьара хоттург, тIема евлла лела машенаш» ю, аьлла. Цо бахарехь, цхьа а кхерамазаллин а, я инженерийн агIора а хьашто яц, машенаш хIаваэ хьалаяха. 2064-чу шарахь оццу некъашна тIехь лелаш электроникин машенаш хир ю элира, Пирсона.
Пирсон: «Суна цхьа а бахьана ца го, вай тIема довла дезаран. Цхьа а оьшуш хIума дац иза. Лаьттахула лелар дуккха а атта ду. Тоькаца йолчу машенашна тIе вай ма-хевшшина, вовше масех саниметр я миллиметр генахь яха йиш йолуш ю уьш – цхьа а хаьшто яц хIаваэ хьаладовла. Нахана парггIат чутарбала меттиг йолу гIутакхаш вовшахтесчхьана, хIинцалерчу машенашна ен харж оьшур яц. 75-зза машенаш ялур ю вайга карахь йолчу технологешца.
Массо тIом сацабе тIом
Тiамех лаьцна хIумма а ца яздинера Азимовс, чIогIа нийса цхьа хIума билгал а даьккхина, «нагахь санна термозарратан тIом эккхахь, кхане йийца хьашт а дац», аьлла. Пирсон тIетов цунна.
Пирсон: «Суна хетарехь, чIогIа ирча хир ду иза. Вайн карахь цхьайолу технологеш вуон амал йолуш ю, тIамца долчу гIуллакхана лелаяхь. Ловзон яьхча буьрса х1ума ю ю химин герзаш. ТIом бан дуьйлалахь, вайн карахь долу заррат а, биологин а герзаш чIогIа вуон ду. Карарчу хенахь нанотехнологи лелош, герзаш кхиош ду вай. Царца адамаш вовшахдахало я сирчу басара хотт бало. Суна ца моьтту, тIебогIун болу цхьана а кепара нахана товр бу.»
Тхуна боккъалла а тамашийна гIан гира яханчу буса
2014-чу шарахь 3D кинога хьажа раьгIнаш лаьцна, кхаа сохьтехь лаьттар бу бу нах бохучу хенахь, цIахь телевизионан театр хир юйла дага ца теснера Азимовна. Пирсона бахарехь, адаманна гуттар а луур ду вукху адамах дерг хаа. 2064-чу шарахь стеган кхечу стеган гIанна юкъаваха таро хир ю, элира цо. Оццу хенахь, мукъамашка ладогIар а, театре дахар а хийца а луш, дуьсур ду.
Пирсон: «2064-чу шарахь а, аса тоьшалла до шуна, аша мукъамашка ла а дугIур ду, театре а гIур ду аьлла. Сурсаташ дIакхачор хийцалур ду, къамел а доцуш. 2064-чу шарахь шун коьрта чохь локхур ю йиш, дага ма еъана. Шуна ца хаьа муха хир ду иза. Шун бала а кхочур бац, иштта дIа локухш хир ю дагаеънарг. 2064-чу шарахь кхин цхьа хIума хир ду, хIинца доцуш долу. Вайн гIенаш цхьана кхечуьнан гIенашца дIатаса йиш хир ю.
Карарчу хенахь вайга хIун дало аьлча, цхьаъ дагавеъча, иза дуьхьал тосу. 2064-чу шарахь иза чIогIа шира хир ду. Гiенахь ган луъург харжа йиш хир ю, сурташ бIаьргашна хьалха таса йиш хир ю, нийсса хье чу даха а йиш хир ю. Иза а, кхечуьнан гIенаца хьайн гIан дуоза йиш бохург санна хIума ду иза.»
Зударех божарий, божарех зударий
ХIинцале гормонийн терапи а еш, пластикан хирурги а еш хийцамаш беш лаьтташехь, адамаллин зуда а, стаг а бохучу кхетамехь хаза нехан санна хийцамаш хир бу боху Пирсона.
Пирсон: «Стаг-зудий башхаллин юьззина керла зама схьайоьллу цо. Харжам стаг я зуда хила лаарна юкъахь хилла Iийр бац. ХIинцале и хийцамаш бало вайга. Кхузахь кхин хIумма а хир дац, цхьа юкъара тайпа харжа. Ур-атталла, церан юкъаметтигаш а цхьаьна.»
ТIейогIучу хенахь дуьненахь дехачу адаман уггар чолхечух хир йолу проблема, синIаткъамца йоьзна хир ю аьллера Азимов Исхьакъа. Цунна хетарехь, технологино бохучу кхиамаша кхин а яхъйийр ю адамо дуьненахь йоккху хан.
Пирсона бахарехь. Вайна дага данза дисина цхьа хIума дара, гуттар а вахар. Адаман дегI эшахь а, цуьнан кхин дIа бехар бу, керла кхоьллинчу догIмашна тIе иза тесчахьана я, компьютерийн машанехь бехар бу.
Пирсон: «2050-чу шарахь я хьалха, я тIаьхьа, 90% ойланаш яр хьенал арахьа хир ду. 2060-чу шарахь кира лелочу машено хьо вехь, иза баккха йоккха проблема хир яц, хIунда аьлча, хьан хье машанехь болх беш бу. Оцу кепара, хьайн уллехьо йолчу Android туьканара керла андроид оьцур ю ахьа. Хьайн хьекъал цу чу дуьллу ахьа, тIаккха, хIумма ца хилча санна, кхин дIа веха. Хьайх тера масех копи ян йиш хир ю. Машанехь болх беш масех хьайн хьекъал хилийта йиш хир ю, хьайн коьрта чохь санна. И тайпа хIума харжаран тIегIанна тIе ма-веллина, адамаллин ша йолу кхане хуьйцур ю.»