ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен жимачу йишех Iожалхо ян гIоьртина стаг лоьхуш ду Iедалш ОвхIанистанехь


Ша а леш, эккхийтар дан шен жима йиша хьажийна волу тIемалойн хьалханча лоьхуш ю талламан органаш ОвхIанистанехь. КIирандийнахь, гIодаюккъе оьккхуьйту молха долу доьхка а дихкина иттех шо хир долу жима йоI дагахь хиллера полицин декъана уллехь эккхийтар дан. Амма цуьнан аьтто ца хилира.

Спомжай цIе йолчу цу йоIа дийцарехь, цуьнах Iожалхо ян гIоьртинарг ву цуьнан ваша. ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, и йоI сацийнера полицин белхахоша Гилменд провинцехь Ханашин олучу меттехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG