ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чохь вийна 5 стаг волу 4 машен карийна Ставропол-махкахь


Кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий 4 машен карийна Ставропол-махкахь, чохь вийна 5 стаг а волуш. Уьш берриш а байина, герз а тоьхна.

Шина машенна уллехь карийна эккхийта кечйина бомбанаш. Байинчерах кхо стаг мила ву хиина, аьлла хаам бина Интерфакс-агенталло. Церан цIераш йохуш яц.

Кхаарин дийнахь кхо машен карийнера Киров-кIоштахь Зольская олучу станицина уллехь. ЙиолгIа карийна Предгорный-кIоштахь Тамбукан олучу эвлан йистехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG