ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо 1000$ луш ду Нохчийчохь тахана дуьненчу даьллачу а, Мохьмад Пайхамаран цIе тиллинчу а берана


Кадыров Ахьмат-Хьаьжин цIарах йолчу фондо цхьацца эзар доллар ахча лур ду, оршот дийнахь Дечкен беттан 13-чу дийнахь Нохчийчохь дуьненчу девллачу, Мохьмад пайхамаран, цуьнан доьзалхойн я, цуьнан итт асхьабан цIераш техкинчу берийн доьзалшна. И аьлла хаам бу бина, Нохчийчоьнан Iедалан сайта тIехь. Цул а хьалха шен инстаграм тIехь и хаам бинера Кадыров Рамзана а.

Эзар доллар дезачу дай-нанойн таро ю ткъе иттех цIе харжа. Царах ах зударийн ю.
Кху кеппара акци дIаяьхьира Кадыровн фондо 2008-чу шарахь а. Иштта, хаам бира, дела денна Нохчийчохь 70-нна тIера 90-нна тIекхаччалц бераш дуьненчу довлу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG