ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саьттер Дэвидана пхеа шарана дихкина Оьрсийчу вахар. Журналист и сацам къовса дагахь ву



Маршо радион хьехамча а, журналист а волчу, Оьрсийчоьнна чу ца вуьтучу Саьттер Дэвидан аьтто бу, Москох-гIалара Таганский кхелан сацам юхаталлийта.
И аьлла «Интерфаксе» дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Федералан Миграцин сервисан хьесапе-эцаран, паспортан а хьукхаматан куьйгаллхочо Аксенов Александра.

Цул а хьалха Оьрсийчоьнан Арахьарчу ГIуллакхийн Министралло шена гучу тайпана дийцинера, Саьттерна виза ца яларан бахьана. Министралло Iамеркан журналист бехке вира, даханчу шарахь Лахьанан беттан 22-чу дийнахь дуьйна 26-гIа де тIекхаччалц, виза йоцуш, Оьрсийчохь Iийна, миграцин низамаш луьра талхийна, аьлла.

Оьрсийчоьн Iедалша пхеа шарана дихкина журналистана, шайн пачхьалкхе вар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG