ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадна шен кепехь го оппозицица барт карор



Шемин президента ал-Асад Башара дIахьедина, ша реза ву шена дуьхьал тIом бечу оппозица бертан къамелашка вала, амма цунна шеца ша Iедал доькъур ду моттахь, иза галъяьлла, аьлла. АФТ-агенталлана Швейцарехь хила деза дийцарш доладала 3 де дуьсуш ша еллачу интервьюхь Асада боху, оппозицица къамел «террорна дуьхьал тIом латторах» лаьцна бен а хир дац.

Ткъа Шемин Халкъан Коалицино дIахьедина шен векалш гIур бац бертан къамелашка, нагахь санна уьш Шемара хьал Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхочо Ги Мун Пана ГIажарийчоьнца дага а ваьлла, шеца деш делахь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG