ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера хьал талхориг Европа ю, боху Лавров Сергейс



Европа критике яьккхира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс, цо дестадо кху муьрехь Украинера хьал, аьлла.

Ша журналисташна Москох интервью луш цо, «тIемалой» аьлла, тIе цIе а кхоьллина, Украинехь зуламаш лелорна, Iедалх летарна бехке а беш, бийцира Киевера гуламхой. Цара лелориг Европан стандарташца дахккане а ца догIу, аьлла хета Лавровна.

Цунна хетарехь, Европера цхьаболу политикаш бу украинахой къепедацаршка кхойкхуш, къомана юкъа цим туьйсуш. Оьрсийчоь кийча ю, бохура Лавровс, Украинерчу Iедалний, оппозициний юкъа машар боза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG