ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехкалара ваьккхинарг а бехкево Нохчийчохь



Нохчийчоьнан кхелехь бехккъасторхоша бехке вац аьлла, набахтех хьалхаваьккхина Бачаев Саламбек юха а лаьцна махкарчу прокуратуран омрица. Кхел йина нах галбевлла, иза бехке ву кхо оьрсийн эскархо верна, чIагIдо Iедалхоша. Шо сов хьалха Башкортостонерчу тубкеркулезах дарба дечу цIийнера лаццарх жоьпе ийзош ву Бачаев. Цо зуламаш дина боху 12 шо хьалха Невран кIоштахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG