ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь тIемаш буьйлабелла юха а



Цхьана декъанна ал-Къаидан тIемалойн карахь йолчу Иракъерчу Рамади-гIалахь тIемаш буьйлабелла. И гIала мукъаяккха арадаьхна дуккха а Iедалан эскарш, лелхарш, герзан татанаш дуьйлу, кеманийн бомбанаш лелха гIалин юккъехь а тIехь, хаам бо цигарчу Маршо Радион корреспондента.

Рамадина юххера Фалуджи-гIала ерриг а ю ал-Къаидан карахь, амма эскарийн гонехь. Эзарнаш нах бу цигара уьдуш а. Верриг а Анбар-кIоштара кхерамзаллечу меттигашка дехьаваьккхинарг ву 140000 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG