ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламент дIасахецна Евробертана юкъаяха дагахь йолчу Сербехь


Сербин президенто Николич Тамислава дIасахецна шайн мехкан парламент. Керла парламентан харжамаш хир бу цу махкахь Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь. Цу тайпа сацам тIеэцахьара аьлла президенте дехнарг дара коалицин Iедал.

Вице-премьеро Вучич Александра куьйгалла деш йолу «Сербин прогрессиван парти» реформаш сихъяр Iалашонца кхин а дукха меттигаш дIалаца дагахь ю мехкан парламентехь. Иза оьшуш ду Сербина Евробертана юкъаяха. ТIаьххьара болчу талламаша Вучичан партино гулдан мега харжамхойн 45 процент кхаьжнаш.

Кху беттан 21-чу дийнахь Сербино дIадолийна Евробертана юкъаяхарца доьзна дийцарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG