ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти кхайкхочу низамна тIе куьг таIийна президенто Януковича


Украинин президенто Янукович Виктора тIе куьг таIийна дуьхьалонан акцийн декъашхошна амнисти ярх лаьцначу низамна. Цу юкъабогIуш бац луьра зуламаш динарш. Цу документаца а догIуш, 15 де далале манифестанташа мукъаяrrха езаш ю шаьш дIалецна йолу пачхьалкхан урхаллаш.

Цул сов, Янукович тIе куьг таIийна машаран акцешкахь дакъалаьцначу нахана таIзар дар дIадоккхуш долчу низамана. Хьалхо ПIераскан дийнахь ТIеман министралло кхайкхам бира президенте Янукович Викторе, махкахь хьал дIанисдан оьшуш йолу гIулчаш яха аьлла.

Оццу хенахь интернетехь видео гучуяьлла «Беркут»-ан милцоша дуьхьалонан акцин декъашхошна герз детташ. И видео яьккхина кху беттан 22-чу дийнахь Грущевского урамехь. Оцу дийнахь хилира цу урамехь, 4 стаг а вуьш, чолхе тасадаларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG