ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дождь" телевизонна тIейирзина Кремл


"Дождь телевизионехь" зорбан-конференци дIахьош, Москох, ГIуран беттан 27, 2013
"Дождь телевизионехь" зорбан-конференци дIахьош, Москох, ГIуран беттан 27, 2013

Оьрсийчура цхьа моггIа провайдерша гойтучара сацийна Дождь телевизион, ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу хенахь Ленинград гоне лацаран хьокъехь нийса хаамаш ца бийцина аьлла. Амма оцу телевизионна гIортор ечара бахарехь, цунах бахьана дина, Кремл тIеIаткъам беш ю Оьрсийчура уггар дика евзачу оппозицин телевизионна.

ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу хенахь Ленинградана бина хилла го дIабаьккхина 70 шо кхачар дагалоцуш, «Дождь» телевизионо хаттар хIоттийнера: бIеннаш эзарнаш нах ца балийта, Ленинград дIаяла дезарий те, аьлла? Цу хаттаро, дийцарехь, дукхах болу оьрсий оьгIазбахийтинера. Кхаа шарахь гергга гонехь йоккхучу хенахь цу гIалара миллион гергга нах белла лору. Сихха и хаттар шен сайта тIера дIа а даьккхина, цу хаттаро халахетар динчаргара къинтIера довлар дийхира телевизионо.

Делахь а, кабелан телевизионан операторша «Акадос» а, «НТВ-Плюсо» а гойтучара сацийра «Дождь».

Оьрсийн президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дира, «массо дозанал тIехъялла и телевизион," аьлла.

«Дукха тIех политикехь жигара хиларна» 2012-чу шарахь НТВера дIаваьккхинчул тIаьхьа «Дождь» телевизионе болх бан дехьаваьллачу Лобков Павела бахарехь, цу хаттарна гонаха яьккхина йолу и гIовгIа, эфир дIаяккха Iалашонца даьккхина бахьана дара.

Оьрсийчоьнан Iедалш тIехьожуш йоцчу, цхьа кIезигчу хаамийн гIирсех ю «Дождь» телевизион. ТIекхочуш долу Сочера Олимпан ловзарш а, Украинехь хуьлург а шен кепехь дийца луучу Кремло, дуьненаюкъараллина хьалха шен васт тодан лаарца а нисделла, цу телевизионна тIеIаткъам бар.

Ур-атталла, иза кхеле озон мегаш а дара хьал. «Интерфакс» агенталло бечу хаамца, Оьрсийчоьанн Инарла Прокуратурина цхьа а экстремизман хьу ца карийна «Дождь» телевизонан балхахь. Цундела дIакъовларан кхерам иштта боккха бац. Амма талламаш кхин дIа а беш бу.
XS
SM
MD
LG