Украинин халкъ демократехьа къуьйсуш ду аьлла дIахьедар дина Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Мюнхенахь хиллачу дуьненаюкъарчу конференцехь цо элира, цхьанха а тахана демократехьа а, Европерчу дахарехьа а къийсар мехала дац кху дуьнентIехь Украинехь санна аьлла.
Керрина хетарехь, урамашкахь ницкъ бар далахь а, берриг а аьлча санна украинахой маьрша а, кхерамазалла йолчу а пачхьалкхехь баха лууш бу. Цхьаьнатоьхна Штаташ дагахь ю цу Iалашоне кхача царна гIо дан бохуш вара Iамеркин Пачхьалкхан секретар Керри.
.