ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сара я тIара?


Берана ницкъ бар (©Shutterstock)
Берана ницкъ бар (©Shutterstock)

Бераш кхетош-кхиорехь дуккха а хийцамаш хилла дуьненахь. Дешаран система тоьллачех лоручу Британехь а, цхьана заманахь цIахь а, школашкахь а сара беттара берашна. Амма хIинца, берана тоьхча а, човхийча а, да-нана кхеле озон а сахьт дац, берана ницкъ бина аьлла. Цул сов, бер дIа а доккху, ханна доккхий а. Гуттар къамелаш дарца а, эсала хиларца а бен ца кхета беран дагахь долчух, боху кеп ю хIинца Европехь. Делахь а, дуккха а Нохчийчура доьзалш тешна бу, берашна тIарий, сарий оьшу бохучух.

Бераш кхетош-кхиорехь хIора къоман а шен гIирс-гIиллакхаш ду . Нохчашлахь кIезиг масалш дац, дашций бен пайда ца оьцуш, гIиллакхе, оьзда бераш кхиийна. Бакъду, дIа къамеле баьхначех дукхахболчара билгалдоккху бер кхеторехь кIеда-мерза дийцарал сов, коьрта герз тIарий, сарий хила дезар. Шайн бералла карлайоккхуш дукхахболчара хьехош берг и бара - сара.

«Суна тхайн чохь и мичахь Iуьллу а хаьара. БIаьрга бан ца безаш сан мостагI а бара иза. Амма, иза ара а баьккхина, дIакхоссарра-м стенна дуьйцу, дIалачкъо-м ца вахьара со. Хийла кIедачу метте суна-м беттабелла иза. Дас цкъа а цкъа суна тоьхна а яц. Сара хьокхуш ерг нана яра. ДатIа дог ца дуьсура суна бишка тоьхна яьлча цо: «Собарде ахь, хьан да цIа веъча, ас цуьнга йойтур ю хьан болх» цо аьлча.

Дас човхавар доцург, цкъа а тоьхна а йоццушехь, уггар чIогIа со кхоьрург и дар-кх – дега дIаалар. Со чIогIа аьрха а, хьарцахьа а хилла жима волуш. Тухуш ца хиллехь сох цхьа эткамаьIиг хилла хир ма яра». Ишта даре до шен хьокъехь Соьлж-гIалахочо Астамиров Ризвана.

Тамашийна хеталург дара дезткъа шо долчара а, кхузткъара бевллачара а, ткъе иттара бовлаза болчара а бер кхеторехь, ийманехь Iаморехь мехалчех некъ лорура берана, нохчаша олуш ма-хиллара «таска озар». Цу хьокъехь дуьйцуш ю, масала, 79 шо долу Теркйист кIоштера Мурадова Iайшат.

Мурадова: «Аьлларг ца дича тоха а тухуш лелийна ас-м бераш. Баккхийчара олуш дара» «берана тохар хьаьжкIана хи диллар санна хIума ду». Со доьзалехь йоккханиг хиларе терра, йиш-вешина а тоьхна. Сайн берашна-м ирх-пурх а тохара. Ца тоьхча мегий бер? Човхийча шега аьлларг дора-кх беро.»

Берийн бераш а долуш кхузткъара даьлла ду Шабаева Асет а, Якъуб а. Цу шиммо а дарбанечу молханах тера, цхьа могIарера гIуллакх санна туьду човхош, тухуш бер хьалакхиор.

Асет: «ХIинца-ам туху. Шовзткъа шо долчу кIантана а-м туху аса хIинца а хаза нехан санна бишка. Аьлларг ца дича тоха еза дера берана-м. ТIаккха шолгIа аьлларг до. Ца тоьхча бер мегар ма дац.»

Берана тохар, цхьаболчара нийса лору. Кхечара «хIан-хIа, аьттехьа а тоха мегар дац» боху.

Якъуб: «Со 60 шо кхаьчна стаг ву. Со жима бер долуш дуьйна олуш хезна ву-кх со « берана тохар диттана хи диллар санна хIума ду». ХIунда аьлчи, ахь жимчохь дуьйна айхьа бохург дойтуш ца хуьлий, воккха хила воьлча ца Iема.Ийман чохь а ца хуьлу,хьуна доьзалхо а ца хуьлу, зудчунна цIийнда а ца хуьлу. Урка а хуьлий дIавоьду-кх иза. Тоха еза дер-кх берана. Шайн лаамехь битча цара пуьташ буьтту, хьарцахьа а лела а Iема».

Церачу дог-ойланца богIуш хьажам болчех ю шовзткъе иттара яьлла Юсупова Малика а. Цо кхеторехь жимма тоьхна а тухуш ца хилча бер шен лааме дерза а сахьт дац.

«Ца тоьхча мегар дац бер. КIеззиг тоьхна а тоха еза. Сара тоьхча кхин а дика хир ду. Тухуш, хьекъал луш, ва хьоьхуш. Сайн дог датIийча ас-м тIетоьхна. Ца безаш ца тоьхна. Тохар пайдехьа ду гIеххьа тоьхна а.»

Берана тохар, дан мегар доцург цадайтарна, товш доцу хIума дитийтарна тIехьажийна хила деза аьлла тешна ю ткъе итт шо долу деа беран нана Хаджиева Майнат а.

«Хьарцахьа лелча ас-м тоьхна. Бохург ца дича а тоьхна. Хийла воккхачунна табаска делла. Цул тIаьхьабогIурш оццул чехо оьшуш хьашто а яц тахана. Цо воккхачо Iамош бу уьш.»

Лакхахь хьахийна ма-хиллара, нохчашлахь кIезиг бац дашций бен тIеIаткъам ца беш, бераш кхиош берш а. Делахь а, дукхахберш тIарий, сарий юьхьарлацаран агIончаш бу. Уьш мел бакъ бу ала хала ду. Амма билггал бакъдолуш, хьо хеттаршка ваьлча, баккхийчарлахь наггахь стаг а ца караво кIедачу мете чIу сара ца кхетаза.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG