КхолагIа де ду Боснехь а, Герцеговинехь а дуьхьалонан акцеш дIайоьлху. Шоьтан дийнахь цигахь тасадаларш хилла полицина а, демонстранташна а юкъахь. БIеннаш нах лазийна бу. Дуьхьалонан акцийн декъашхой реза бац махкахь белхан меттигаш тоьаш ца хиларна а, экономикан хьал тодарехь Iедалш гIорасиз хиларна а.
ПIераскан дийнахь демонстранташа Сараевохь цIе тесна масийтта Iедалан гIишлонна. Тузлехь цара тIелатар дина меттигерчу администрацин хIусамна. Цхьаболчу хаамашца, Боснехь а, Герцеговинехь а бан болх боцуш бу 40 процент гергга бахархой.