ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертан II раунде бевлла шемахой



Шемара ши агIо - Асаданний, гIаттамхойнний векалш - охьахиина Женевехь бертан дийцарийн шолгIачу раунде. Цхьаьакхеттачу Къаьмнийн организацино шен верас къастийначу БрахIими Лахьдара, шаьш-шаьш а баьхна, кечбеш бу вовшийн ган лаам боцу шемахой рогIерчу къамелашка.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Iалашо ю тIом сацоран а, ханна керла Iедал къасторан а некъаш бахар. АгIонийн дийцарш мел дахлур ду хууш дац. Бахначу баттахь чекхъяллачу раундо ца деара пайде жамIаш.

Оцу юкъанна хаам бо журналисташа Шемарчу ХIомсера. Эскарийн гонехь йолчу оцу гIалахь, ханна тIом а сацийна, бухарчу бахархойн кхерамзаллах гIайгIабан барт хилла вовшахлетачу ницкъийн. ГIаттамхоша лаьцна латточу ХIомсера кIирандийнахь араваьккхина 600 маьрша вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG