ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне - олимпиадехь, Сочи - протестехь



Сочехь олимпиада йоьдучу юкъанна гIалахь протестан гулам хIотто дагахь бу меттигера жигархой. Цунна кечамбечу «Низам а, къепе а» боламан а, «Яблоко» партин декъан а куьйгалхоша хаам барехь, гуламан Iалашо ю Iедало гIалин бахархойн бакъонаш талхош хиларх а, экологина эшамбарх а, социалан хьелаш ледара хиларх а лаьцна кхайкхамаш бан.

Амма Сочи-гIалин мэрино дIакхайкхийна, жигархоша 1000 гергга вахархочух лаьтташ хир бу боху гулам хIотто ша магор дац, аьлла. БIе стаг гулван торуьйту мэрино Чиллан-беттан 16-чу дийнахь хIоттабезачу оцу гуламе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG