ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тенге дожаро дарбина казахаш



Алматахь иттанаш бара кхаарий дийнахь меттигера Къоман банкана хьалха протест кхайкхош - шайн мехкан валютан, тенген, мах 19 процентна лахбарна резабоцуш. Банкан куьйгалхо Келимбетов Кайрат гезвохура наха, сихха иза балхах вохор Iедална тIе а дожош. Гуламхошца къамел динчу цуьнан гIовса дош делира, шаьш хьовсур ду туьканашкахь мехаш цабестийта, аьлла.

Нахана ца тайнарг ду, банкан хьаькамаша тенге кеста механа лахлур дац бохуш чIагIонаш йина ши бутт баьлла а цахилар. 30 процент сов а баьлла, ши бIе тенге кхочуш мах бу тахана цхьана долларан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG