ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан диктаторна ков къевлина чехаша



Шаьш долчу ван йиллина хилла Узбекистанан президентан Керимов Исламан визит юхаяьккхина чехаша.

Маршо Радион Прагерчу корреспонденте Чехин президентан Земан Милошан арахьарчу гIуллакхашкахула хьехамча волчу Кмоничек Хинека хаийтира кху беттан 20-чу дийнахь Керимов Чехе вар Прагано ша юхадаьккхинийла.

Узбекистанан куьйгалхо шаьш долчу вогIийла хиинчу чехаша емал дора шайн Iедал прессехь – цара Керимов шен къам халонгехь, маршонах хердина кхобу диктатор ву бохуш вуьйцура. Деношкахь президенте Зеноне 31 профессионалан юкъаралло кехат дахьийтира, Керимов ма ваийта Чехе, аьлла.

9 шо ду Европан Берто Ташкентна дуьхьал санкцеш яьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG