ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тенгена Iаса кховдийна - 1 миллион



КIиран юьххьехь 19 процентна дайделла шайн ахча, тенге, даздеш Къоман фонд 1 триллион тенге банке хьажо декхаре йина Казахстанан президента Назарбаев Нурсултана. Къоман фонде гулло ахча, доккхачу декъанна, Казахстано духкучу мехкдаьттах.

Махкахь мехаш дестарна дуьхьало а хIоттош, Iедалан белхахойн алапа 10 процентна совдаккхаре кхайкхира цо Iедал пIераскана. «Нагахь санна Казахстанах инвесторийн ялсамане ялуш яцахь», ша хуьйцур ю министрийн кабинет, бохура Назарбаевс. Кхаарийн а, еарийн а деношкахь тенге дожарна резабоцчу Алматарчу бахархойн протестна иштта жоп делла президента Назарбаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG