ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Pussy Riot Сочехь лаьцна полицино


Сочехь полицино лаьцна Пусси Райат тобанера ши декъашхо Толоконникова Надежда а, Алехина Мария а. Толоконниковас твиттерехь бинчу хаамца, царна бехке дуьллуш ду зулам дар. Кхечу хаамашца, Толоконникова а, Алехина а бехке еш ю Сочехь цхьана отелехь къола дарна.

20I3-чу шарахь, ГIуран-баттахь Пусси Райат олучу тобан ши декъашхо араялийтира набахтера амнисти а йина. Цул тIаьхьа цара дIахьедар дира чубоьхкинчу нехан бакъонаш ларъяан дагахь а ду шаьш аьлла. Цара дакъалецира Оьрсийчохь а, махкал арахьа а демократина гIортор еш вовшахтоьхначу акцешкахь.

Маршо Радион еллачу интервьюхь Толоконниковас хаам бира 3 де Сочехь доккхуш ша а, Алехинас а дукхъах йолу хан полицехь а, ФСБ-ехь а яьккхина аьлла. ТIаьххьара болчу хаамашца и шиъ дIахецна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG