ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейна оьшу дуьненаюкъара кхел


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Пиллэй Навис кхайкхам бина кху дуьненерчу пачхьалкхашка шаьш кечдинчу рапорт тIехь дуьйцуш долу Къилбаседа Корейхь дина зуламаш талла аьлла дехар дахьара Дуьненаюкъарчу бехк-такхаман кхеле аьлла.

Цу урхаллана хетарехь, Къилбаседа Корейн кхерамазаллин сервисан куьйгалхо а, цу мехкан куьйгалхо Ким Чен Ын а кхеле озо везаш ву, адамаш хьийзаде аьлла омраш даларна а, бахархошкахь мацалла латторна а, адамаш дайарна а.

Кёрби Майкла куьйгалла дечу Дуьненаюкъарчу бозуш боцучу талламхоша дехар динера дуьненаюкъаралле Къилбаседа Корейхь хIоьттина хьал ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу криминалан кхелехь дийцаре де, я леррина дуьненаюкъара кхел кхолла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG