ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болотная майданара 8 стагана кхел кхайкхийна


Москох Кхело хенаш кхайкхийна Болотная гIуллакх толлуш кхеле озийначу бархI стагах ворхIанна. Набахтехь яха кхайкхийна хенаш шина шарана а, эха шарана тIера, деа шаре кхаччалц а ю.

Бехке йиначу цхьанна Наумова-Духанина Александрина, арахь яккха хан кхайкхийна. «ПIераскан дийнахь» олу дуьхьалонан акцеш дIаяхьарна а, полицина тIелатар дарна а 8 стаг бехке винера кхело. Церан адвокаташ латкъам бийр болуш бу.
Оршот дийнахь кхелана арахьа гулбелла хиллачу нахах 200 гергга стаг лецира полицино. Царна юкъахь вара оппозицин лидер Навальный Алексей а, Пусси райотан ши векал Алехина Мария а, Толоконникова Надежда а. Аьмнести интернэшнло «ирчачу харцонан» сацам лерина иза.

2012-чу шарахь Стигалкъекъа беттан 6-чу дийнахь Путин Владимирна дуьхьал Болотная майданахь дIаяьхьначу митингехь лаьцна вара и 8 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG