ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирман парламентана тIелатар дина Оьрсийчоьнна дуьхьала йолчу протесташа



Украинера автономан ГIирман парламентана тIелатар дина Оьрсийчоьнна дуьхьала йолчу протесташа. Маршо радионан корреспондента бечу хаамца, ГIирман низамашкховдорхой цу гIишло чуьра дIабоьлхуш бу.

Мел лаххара а масех стагана чевнаш хилла. Дийцарехь, эзарнашкахь парламентана хьалха гулбеллачу нахана юкъахь буй-тIарий иккхина. Цу юккъешхула, оьсрийчоьнна дуьхьал болчара Советан басара цIе байракх ягийна цигахь. Оьрсаша гIортор еш хилла Украинан президент Янукович Виктор президентан даржера вохийначул тIаьхьа, гIирман кхане юьйцуш, могIарера йоцу кхеташо дIаяхьа вовшакхетта бара парламентан гIишло чохь депутаташ.

Украинан Iедалшна гIортор еш болу жигархой, ГIирмера гIезалошца цхьаьна, карахь Украинан байракхаш лаьцна бу. Шина агIонна юкъахь латтт аш милцой бу. Юкъ-кара и кордон дIаса а тоттуш, Iотта-баккхам хуьлу цигахь ГIирма Украинехь йиса луучарна а, ГIирма Оьрсийчоьнца хиларехьа болчарна а юкъахь.

ГIирма, дуккха а оьрсийн хIурдан эскаран векалша шайн цIа санна лоруш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG