ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наваьлныйна электронан гIоьмаш тоьхна



Оьрсийчуьрчу оппозиционерна Навальный Алексейна Москох шен цIера аравала, дуьненца юкъарло лело дихкина лецна нах Iуьналлехь латточу хьукмато. Цигарчу прес-гIоьнчаша бахарехь, оршот дийнахь Навальныйна иза тергонехь латто электронан гIоьмаш тоьхна.

Иштта дихкина цунна интернетах пайдаэца а. Коррупцина духьал лаьтта блоггер Навальный къоланаш дарна бехке а вина, цунна набахтин 5 шо кхайкхийра кхело шо гергга хьалха. Ткъа коьрта бахьана политикаца дозу, аьлла хета оппозиционерна шена а, цуьнан гонна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG