ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера олигарх Фирташ лаьцна Венехь


Австрехь лаьцна 48 шо долу Украинера олигарх Фирташ Дмитрий. Iамеркан Iедалша лоьхуш вара иза кхаьънаш даларна а, зуламхойн тоба кхолларна а. Фирташ лаьцна полицино Венехь Кхаарин сарахь.

Цунна дуьхьал Iамеркехь таллам беш болу 8 шо дара. Австрин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Фирташ ву Украинехь уггаре а хьал долчу нахах цхьаъ. Цхьаболчу хаамашца, цуьнан ду 3 миллард сов доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG