ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура стоьлан дайшна дуьхьал санкцеш яьхна Европан Берто


Украинера кризисца доьзна, Оьрсийчура а. Украинера а ткъе цхьана официала стагана дуьхьал санкцеш кхайкхон реза хилла Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрш. Санкцешна юкъахь ду визанаш ца ялар а, церан пачхьалкхан арахьара банкашкара ахчанаш гIорор а. И сацам бира Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрша, тахана Брюсселехь дIаяьхьначу кхеташонехь.

Литувин арахьарчу гIуллакхийн министро Линкявичюс Линас бахарехь, кхин дIа йохур йолчу санкцех лаьцна тIейогIучу хенахь бийр болуш хаам бу. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владмиран гонера нах гIур болуш бу, дийцарехь, шорлучу цIейозанна юкъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG