ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло Украинехь лелочуо Оьрсийчоь дуьненах хадош ю


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президенто Байден Джозефа дIахьедар дина, Оьрсийчоьно Украинехь лелочуо иза изоляцехь юьтур ю, аьлла. Кхаарин дийнахь Литувин коьртачу Вильнюс-гIалахь вистхуьлуш, цо Балтин пачхьалкхаш тешийра, НАТОн муьлххачу а декъашхочунна тIелатар динчуьнгара Iамерко жоп доьхург хиларх.

Британино шен агIора варе дина Оьрсийчоьнна, цо Украинина дуьхьал йоху гIулчаш совца ца яхь, иза «БархIа Йоккхачу Пачхьалкхан Тобанна» юкъара дIайоккхур ю, аьлла.

Кхаарин дийнахь парламентехь вистхуьлуш, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида билгалдаьккхира, и хаттар дийцаре даккха дезар хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG