ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхерамазаллин а, Цхьанабелхан а Организацин мисси йоьдуш ю Украине


Оьрсийчоьно дIахьедар дина, ГIирманна тIехула 12 Оьрсийчура а, Украинера а стагана дуьхьала кхайкхийна санкцеш «бакъдолчуьнца йоьзна яц». Арахьарчу ГIуллакхийн министраллин зорбан секретара Лукашевич Александро бахарехь, Оьрсийчоьно шегахь бакъо юьту, цу тайппа жоп дала.

Ша даьккхина динчу дIахьедарехь, министралло ьалла, Украинера хьолана тIехьажа Европан Кхерамазаллин а, Цхьанабелхан а Организацин мисси яхийта бинчу сацамо, «Украинан чоьхьара хьал нисдарх а, талорхой совцорг хиларх а догдоху шаьш», аьлла. Билгалдаьккхина, миссин мандат, Оьрсийчоьнан дакъош долчу ГIирмица а, Севастополца а гIуллакх долуш дац, аьлла.

Европерчу организацин тIехьовсархоша 6 баттахь ерриг Украинерчу хьолах лаьцна информаци вовшахтухур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG