ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВоI вадорах орца доху нохчийн къаноша МуртазалиевгIара



Шайн воI вадор далхош, орца доьху прессехула Шелковскан кIоштарчу Гребенскерчу къаноша МуртазалиевгIара. Вайначу 35 шо долчу Муртазалиев Асхьабан нанас Судана дийцарехь, юьртарчу нийсархоша бахначу беттан тIаьххьарчу дийнан сарахь телефон тоьхна цуьнга, шаьш долчу кхойкхуш. Амма Асхьаб воьдуче дIаккхоччушехь, бухарчу метте баьхкинчу Iедалан ницкъахоша дIавигина иза.

Цунах хилларг хууш дац шайна, бохуш ду кIоштарчу а, махкарчу а полицино МуртазалиевгIарна делла жоп. Асхьаб вадийнначу деношкахь яздина къаноша мехкан администраторе Кадыров Рамзане гIо доьхуш кехат. Амма цо а ца делла доп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG