ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашна лелхийтаршца «кечлуш» ю ОвхIанистан



ТIебогIучу Охан-беттан 5-чу дийнахь ОвхIанистанехь хила беза президентан харжамаш герга мел гIерта, алсамдуьйлуш ду цигахь ден лелхийтарш. Кандидатех цхьаъ -ГIани Ашраф - вехачу цIенна гена доццуш, Кабулехь, шаьш а лоьлхуьйтуш, бала арабевллачара эккхийтина харжамийн комиссин хIусам.

Полицино бахарехь, молханах юьйлина машен а оьккхуьйтуш, тIелеттарг ву шиъ. Цара вийна виъ стаг. Иштта, Кунар-провинцехь, Кабулбанкан цIа чохь а дина эккхийтар. Чоьхьа а ваьлла, иккхинчу кхаа стагца цхьана велла банкан кхо хехо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG