ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн кхело хан тоьхна Шахтемиров Юнадина



Нохчийчоьнан вахархочунна Шахтамиров Юнадина 12 шо хан тоьхна набахтехь такха ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело. Шо хьалха гIалгIайн юьртбахамна тIехьожучу урхаллин куьйгалхо Дахкильгов Руслан чохь воьдучу машен тIе а летта, иза а лазош, цуьнан машенлелорхо верна бехке вина нохчо.

Iетахь дIа-схьа герзаш тухуш вийра Шахтамировца хилла шолгIаниг - Шахтамиров Ислам. Талламчаша даржадо, шайна гучудаьлла, Дахкильгов вуьйриг ШахтамировгIарна 2 миллион ахча деллийла, бохуш, ткъа мила ву ахча делларг хоуьйтуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG