ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь харжамийн го эккхийтина



ОвхIанистанан кестта хуьлучу президентан харжамашна массо а кепара чIагIбина лаьттачу Кабулеерчу харжамийн гонна тIелетта тIалибаш, гранаташ а, маса-тоьпаш а тухуш. Зудчун духарахь, уллехь лаьттачу гIишло чу а бевлла, диттина харжамийн гонна тIе герзаш. Мел дараш хилла цкъачунна хоуьйтуш дац.

Кабулехь кеманаш гIовттучохь лаьтта и гIишлош. Кеманашна лела кхераме долуш, совцийна ду цкъачунна уьш стигала дахар. ТIалибийн векалша дIахьедина, шаьш герзах юьйлина машен эккхийтина харжамийн гонан кевнехь, аьлла. Харжамаш тIекхочуш жигара девлла тIалибийн тIелетарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG