ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина шайна 2 миллиард сов доллар декхарелахь ю боху Газпромо


Оьрсийчоьнан Газпромо чIагIдарехь, Украинера «Нафтогаз» декхарелахь ю цунна 2 миллиард а, 200 миллион доллар. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан концернан куьйгалхоша. Еарин дийнахь Москох дийцарш дIадаьхьна Оьрсийчоьнан а, Украинин а кампанийн куьйгалхоша Миллер Алексейс а, Коболев Андрейс а.

Миллер Алексейс бинчу хаамца Охан-беттан Хьалхарчу дийцнахь дуьйна шайн газан мах хьалабоккхуш бу оьрсаша 40 процент хиллал. ХIинца шайн эзар кубометран мах хир бу 385 доллар. Кху шеран хьалхарчу кхаа баттахь Москохо Киевна газ юхкуш яра Янукович Виктор волчу хенахь хиллачу бертана тIе а тевжаш. Киевехь вист хуьлуш Украинин энергетикан а, къорабаккхаран а индустрин министро Продан Юрийс дIахьедар дина Украинин декхар а, газан мах а буьйцуш кхин дIа а дагадовлар дIадахьа лууш ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG